زكاة الفطر - مقالات - الشيشانية - ألخزور بن سلطان الشيشاني - IslamHouse - 172.5 KB | بلاغ
بلاغ
سورة النحل، الآية 125
القائمة
تبديل لغة الواجهة إلى الإنجليزية
EN
جار التحقق
دخول
زكاة الفطر
تحميل المستند...
القارئ جاهز.
الشيشانية
مقالة
زكاة الفطر
مقالة مبسطة حول زكاة الفطر على شكل سؤال وجواب.
CE
AR
EN
المشاركون في المادة
المؤلفون
ألخزور بن سلطان الشيشاني
المصادر
موقع دين الإسلام باللغة الشيشانية
ملفات المادة
١ / ٢
معاينة PDF
زكاة الفطر
PDF
172.5 KB
تنزيل
ملف Word
زكاة الفطر
DOC
1.2 MB
تنزيل
نص مشاركة يناسب الشبكات الاجتماعية
📄 Сахь даккхар - ce 📝 САХЬ ДАККХАР МАРХА ДАСТАРАН ЗАКАТ Адама Султана Олхазар 1 – Сахь даккхар бохург хIун ду? Маца даккха долийна ду иза? Иза хIора бусалба стага шена тIера а, ша напха латто безачарна тIера а, Рамадан беттан тIаьххьарчу дийнахь малх буьзначул тIаьхьа дала дезаш долу даьхни ду, шен билламашца тIедужуш долу. Суннатехь девзаш дерг – сахь даккхар хIижратан терахьца шолгIачу шарахь долийна хилар ду, мархин бутт кахбара парз динччу шарахь. 2 – Иза важиб хиларан далил (тешалла) хIун ду? Иза важиб хиларан тешалла Бухарис , Муслима а дийцина долу хьадис ду, Ибн Iумарера схьа – Дела реза хуьлда цунна – Делан Элчано – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – нахана парз дина тIедиллира Рамадан беттан марха дастаран закат (сахь даккхар) , цхьа сахь хурманаш, йа цхьа сахь мукх, хIора бусалбачунна тIера: маьршачунна а, лай волчунна а, божаршна а, зударшна а. Цул совнаха, Имам Ибнул-Мунзира – Дала къинхетам бойла цунах – ма-аллара, массо бусалба нехан барт хилла бу сахь даккхар важиб хиларна тIехь. 3 – Сахь даккхар тIедожоран бахьанаш хIун ду? Цуьнан пайданаш муха бу? Цуьнан бахьанех а, пайданех а ду: - марха кхаьбнарг, цуьнгара мархийн баттахь даьллачу вочу къамелах а, эрна къамелах а дIацIанвалийтар; - мискачу нахана яа хIума хилийтар; - Iийд дийнахь уьш нахе хIумма еха езаш цахилийтар. И маьIнаш долуш Ибн Iаббаса – Дела реза хуьлда цаьршинна – дийцина хьадис ду: «Делан Элчано – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – марха дастаран закат парз дина, марха кхаьбнарг цуьнгара мархийн баттахь даьллачу вочу къамелах а, эрна къамелах а дIацIанвалийта, мискачу нахана яа хIума а хилийта» . [Абу Давуд, Ибн МажахI] . 4 – Сахь даккхар мел деза ду? ХIун дозалла ду цуьнан? Имам Тирмизийс дийцинчу хьадисехь ду, Пайхамаре – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – хаьттина хилла аьлла: «Уггар деза сагIа муьлхарг ду?» Цо аьлла тIаккха: «Рамадан беттан сагIа ду» . Цу юкъа догIу сахь даккхар. Сахь даккхаро марха кхаьбнарг цIанво цуьнгара даьллачу вочу къамелах. Ибн Iаббаса – Дела реза хуьлда цунна – дийцинчу хьадисехь ду: «Делан Элчано – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – марха дастаран закат парз дина, марха кхаьбнарг цуьнгара мархийн баттахь даьллачу вочу къамелах а, эрна къамелах а дIацIанвалийта…» . [Абу Давуд, Ибн МажахI] . Имам ВакúI ибн Ал- Джаррахьа – Дала къинхетам бойла цунах – аьлла: «Марха дастаран закат Рамадан баттана – ламазана вицваларан сужуд санна ду, мархин кхачамбацарш дIадойъу цо, вицваларан сужудо ламазан кхачамбацарш санна» . Цхьаболчу Iелам- наха сахь даккхаран дозаллаш дуьйцуш аьлла: цуьнан дозаллех ду марха къобул хилар а, декъал хилар а, валаран халонех а, кошан Iазапах а хьалхавалар а. [ 1 ] 5 – Сахь даккхар тIедожаран билламаш хIун бу? Сахь даккхар тIедужу кхаа билламца: Хьалхарниг: Бусалба хилар. ШолгIаниг: Рамадан беттан тIаьххьарчу дийнахь малх чубузар. КхоалгIаниг: Iийд-дийнахь шена а, шен охIлунна а даа даар хиларал сов а, чохь Iен меттиг хиларал сов а даьлла даьхни хилар. (Цу дийнахь яа тоьъачул яахIума а, чохь Iен меттиг а елахь, тIаккха цул совнаха кхин даьхни а хилахь тIедужу сахь даккхар. Нагахь санна Iийд-дийнахь тоьъачул бен кхин яа яахIума яцахь, йа и яахIума эццал бен кхин даьхни а дацахь, чохь Iен меттигах даллал бен кхин даьхни а дацахь – тIаккха важиб ца хуьлу сахь даккхар) . 6 – Хьанна тIера даккха деза сахь бусалба стага? И лакхахь бийцина болу кхо биллам шеца кхочуш хиллачунна важиб ду сахь даккхар, шена тIера а, ша рицкъа латто дезаш болчарна тIера а: дена-нанна а, шен берашна а, шен зудчунна а тIера. Ша-шега рицкъа даккха луш волчу, кхиъна ваьлла волчу шен кIантана тIера сахь даккхар важиб дац дена тIехь, йа ша рицкъа латтор важиб хилла тIе ца дужуш волчу гергарчунна тIера сахь даккхар а важиб дац, цо пурба а делла, векил винчул тIаьхьа бен даьккхича а нийса хуьлуш а дац иза. Нагахь санна ша сахь даккха дезаш болчу массо нахана тIера сахь даккхал шен даьхни ца тоахь, цкъа доьххьара ша хьалха ваккха веза, тIаккха шен зуда хьалха яккха еза, тIаккха шен да хьалха ваккха веза, тIаккха шен нана хьалха яккха ... 🔗 https://balagh.islamhouse.com/ce/articles/49282
نسخ
مشاركة