الأضحية - مقالات - الشيشانية - ألخزور بن سلطان الشيشاني - IslamHouse - 216.3 KB | بلاغ
بلاغ
سورة النحل، الآية 125
القائمة
تبديل لغة الواجهة إلى الإنجليزية
EN
جار التحقق
دخول
الأضحية
تحميل المستند...
القارئ جاهز.
الشيشانية
مقالة
الأضحية
تبسيط لأحكام الأضحية على شكل سؤال وجواب.
CE
AR
EN
المشاركون في المادة
المؤلفون
ألخزور بن سلطان الشيشاني
المصادر
موقع دين الإسلام باللغة الشيشانية
ملفات المادة
١ / ٢
PDF
الأضحية
PDF
216.3 KB
تنزيل
ملف Word
الأضحية
DOC
1.2 MB
تنزيل
نص مشاركة يناسب الشبكات الاجتماعية
🌿 Suitable IslamHouse material 📘 Title: ГIурбанан хаттарш Language: ce - PDF Contributors: Адама Султана Олхазар 📝 Description: ГIУРБА ДЕР Адама Султана Олхазар 1 – ГIурба дер бохург хIун ду? ГIурба – иза лекха хинволчу АллахIана герга вахархьама, Iийд-дийнахь дуьйш долу хьайба ду – эмкал, йа бежана, йа уьстагI, йа газа. 2 – ГIурба деран тешалла хIун ду? ГIурба деран тешалла Къуръана тIера айат а ду, Суннатера хьадис а ду. Лекха хинволчу АллахIа бах: ×Ткъа ахь хьайн Делана ламаз а де, (гIурбанна) урс а хьакхаØ (Сурат «Ал-Кавсар» 2 айат) . Имам Тирмизийс дийцина, Ибн Iумарера – Дела реза хуьлда цунна – схьа, Делан Элчано а – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – бусалба наха а гIурба дийра аьлла. 3 – ГIурба дер мел деза, мел мелехь ду? Iаишата – Дела реза хуьлда цунна – аььал: «Делан Элчано – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – элира: «ГIурбанан дийнахь, Адаман кIанта йийр йолчу Iамалех АллахIана уггар дукха езарг – (гIурбанна урс хьокхуш) цIий Iанор ю. Бакъдолуш, къемат дийнахь иза догIур ду (ша ма-дарра) , шен маIашца, шен месашца, шен бергашца, (оцу хIора меженаца цунна мел хуьлуш) . АллахIа къобал до цо Iанийна цIий, иза лаьтта охьа а дожале. Цундела, аш и (гIурба) доьйла шайн цIенчу даггара, и дер дика хеташ». [ 1 ] 4 – ГIурба деран хIун хьукм ду? ГIурба дер чIагIдина суннат ду, важиб дац, делахь а шен ницкъ кхочург иза ден хьажа веза, хIунда аьлча Делан Элчано – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – ша Мединатехь даьккхинчу итт шарахь хIоразза а гIурба дуьйш хилла дела. [ 2 ] Ткъа иза важиб доцуш, чIагIдина суннат хилар гойту, Ибн Iумаре – Дела реза хуьлда цунна – «иза важиб дуй?» аьлла хаьттича, цо – «Делан Элчано а – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – бусалба наха а дийра гIурба» - аьлла жоп даларо, важиб ду а ца олуш. [ 3 ] Кхин а, «иза суннат а ду, дика а ду» а аьлла цо – Дела реза хуьлда цунна. [ 4 ] Пайхамара – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – аьлла: «Шен гIурба ден аьтту а болуш гIурба дуьйр доцург тхан ламазан-чоьнна герга ма вогIийла» . [ 5 ] Цундела, доьзалахь цхьамма дийча суннат массарна а тIера долу, цхьана доьзалехь цхьамма а ца дуьйш дитар дика дац. Бакъду, шина хьолехь важиб хуьлий тIедужу гIурба дер: Хьалхара хьал: Шен цхьана даьхни юкъара гIурбанна ден мегаш долчу хьайбанна цIе тоьхча, масала – «хIара уьстагI гIурбанна буьйр бу ас» - аьлла цхьа уьстагI билгалбича, и уьстагI бер важиб хуьлу цунна тIехь. ШолгIа хьал: «АллаIха доьхьа ас сайна тIелеци гIурба дер» - аьлла, йа и маьIна долчу цхьана кхечу дешнашца, цхьаммо шена гIурба дер тIелацахь, важиб хуьлий тIедужу цунна иза. 5 – ГIурба дер хьанна ду суннат? Хьан ден деза иза? ГIурба ден деза хIара кхо биллам шеца кхочуш хиллачо: 1) Бусалба хилар. Бусалба воцучуьнга гIурба де олуш дац. 2) Кхиъна ваьлла а, хьекъал долуш (шен кхетамехь волуш) а хилар. 3) Ницкъ кхочуш хилар. Ницкъ кхочуш лору, нагахь санна шена а, ша кхаба безачарна а, Iийд-дийнахь а, цул тIаьхьа долчу кхаа дийнахь тоьъачул – юучунна-молчунна а, духарна а, хIусамна а – даьхни делахь, тIаккха цул совнаха гIурба эццал ахча хилча. 6 – ГIурба хIун маьIна долуш дуьйш ду? Уггар хьалха хаа деза, гIурба дер Iибадат хилар, цундела вайна довза тарлуш долу цуьнан маьIнаш массо а Iибадатн маьIнел тIаьхьа догIуш ду, ткъа муьлхха а Iибадатан маьIна – АллахIана муьтIахь хилар гайтар, Цо аьлларг къобал дар гайтар, Цо аьллачунна реза хилар гайтар, адамо ша Цуьнан лай хилар гайтар ду. И муьлхха а Iибадатца долу коьрта маьIнел тIаьхьа, гIурба деран бахьанех а, маьIнех а ду ИбрахIим-пайхамар – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – Дала шен кIантана урс хьакха аьлла тIедожорца зийначул тIаьхьа, Цо цунна цхьа боккха ка белла хилла гIурбанна бен, цуьнан кIентан метта бен, тIаккха и ка бийна цо гIурбанна. Цо и доккха гIурба дер карладоккхуш доь вай а и гIурба, цунах тарлуш, цуьнан некъаца некъ лоцуш. Цул совнаха, Iийд-де массо бусалба нехан деза де ду, цундела цу дийнахь массо бусалба нах цхьатерра самукъане хилар кхочушдарна гIо а ду гIурба дерца, цуьнан жижиг мискачарна а, хьашт долчарна а дIадаларца, шен доьзална а, охIлунна а цу дийнахь хазахетийтарца. Ткъа иштта и сагIа делча, бусалба юкъараллин барт чIагIло,... 🔗 Material page: https://balagh.islamhouse.com/ce/articles/49284 ------------ Source: Balagh Share this post with friends; it may benefit someone who needs it.
نسخ
مشاركة